Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Ахьа латта чІоггІачу бух тІе хІоттийна, иза абаденналц меттах а дер дац. Со дуьнен чу даьллера, даккхий хІордаш а хилале, иштта хи тІехъоьху хьостанаш а хилале. Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дІахІиттадале, латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале. Цо стигал шен метта дІахІотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хІорд кхуллучу хенахь а, иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хІорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара. Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хІордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дІахІоттийначу хенахь а, со цигахь дара. Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тІекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цІе? Муха ю цуьнан кІентан цІе? Хьуна хууш дуй иза? Канашкахь хи хьан дуьстина, я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина? Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна, я лаьмнаш а, гунаш а терзан тІехь хьан оьзна? Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Іамийна Иза? Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?
Выбор основного перевода