Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Іожаллин кевнера со хьалаваккхахьа, Церан синош массо а кхачанах дІадирзинера, уьш Іожаллин кевне а кхаьчнера. Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхІоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тІехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гІанташ тІера гІиттийна цо. «Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Іожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дІахаьдда ву со“. Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац.
Выбор основного перевода