Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца Ас Сайн дерриг а таІзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тІе, Соьга кхочуш дуьнен тІехь цхьа а воцийла хьуна хаийта. Сан куьг шуна тІехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тІера дІадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. Цундела Ас кхана, хІоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгІазаллица чІогІа догІа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хІума а хІаллакдархьама. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Выбор основного перевода