Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гІаттий, лам тІе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дІахІотта. ТІаккха хьуна уллохула тІехвер ву Со». Оцу хенахь чІогІа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тІаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. ТІаккха дІакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву. Хьайн чІогІа йолу дералла дІа а хеца, курачуьнга дІа а хьажий, иза охьатаІаве. Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цІаста санна йолу хІума яра.
Выбор основного перевода