Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо лаьтта тІе догІа а доуьйту, кхаш тІе хи а дуьллу. Цо хІилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. Цо хин тІадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догІа а литтина, царах дохк до. Цо стигал мархашца дІакъовлу, лаьттана догІа хуьлуьйту, гунаш тІехь буц хьалайолуьйту. Къаьмнийн цІуйн догІа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догІа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хІунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.
Выбор основного перевода