Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Іожаллин чене юьжур юй те?» Дела лекхачу стигалшкахь Іаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш! ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кІорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам.
Выбор основного перевода