Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа. Со нийсачу некъа тІера галваьллехь, сан бІаьргаша сан дог вонна тІе дерзийнехь, сан куьйгаш хьарамчу хІумано бехдинехь, – Нагахь тІеман тоба суна дуьхьалъялахь а, сан дог кхералур дац. Суна тІамца тІегІортахь а, хІетте а сан сатийсам хир бу. Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а. Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн.
Выбор основного перевода