Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг, харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш. Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу, иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама. Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший, церан метта кхинаш дІахІиттабо, хІунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гІуллакхаш. Буьйсанна царна тІехь толам а боккхий, уьш дІахьоьшу Цо. ХІетте а Хьуна дерриг а го, зуламан а, халахетаран а тидам бо, Іазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу. Къечо а ша Хьан кара дІало. Байлахь висинчунна а Хьо гІоьнча ву Шуна лергаш Деллачунна дІахезар дац ткъа? Шуна бІаьргаш Деллачунна дІагур дац ткъа?
Выбор основного перевода