Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПаргІатоне кхача хьан дІахецна акха вир, цунна тІера буржал хьан дІадаьккхина? Ас эрначу аренах цуьнан цІа дина, дуьрачу аренах цуьнан хІусам йина. Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гІалин гІовгІанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш. Гунаш тІехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хІуманна тІаьхьаяьлла лела иза. сонта а вара, кхеташ а вацара со. Хьуна хьалха бежана санна вара со. Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш.
Выбор основного перевода