Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац. qac Вqac*еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац. Массо а хІуманна а цунна йогІуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дІадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. ТІаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кІел мел дечу хІуманна адам тІекхиалур доцийла. Хаа мел гІертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа. ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
Выбор основного перевода