Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кемсаш схьайоху хан тІекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дІаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргІат Іийр ду шу. Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара. ІаруІер-гІалина гонах йолу гІаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дІакъахко стаг а воцуш, уьстагІий цигахь Іохкур ду. Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагІий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
Выбор основного перевода