Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нуьцкъалчунна тІе верзахь, хьо юхаметтахІоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хІусамера къинош ахь дІалахкахь, Ас сайна уллохь вон гІуллакх дойтур дац. Делах дІабирзинчара лелораш суна ца деза. И хІуманаш суна тІелетар дац. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду.
Выбор основного перевода