Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду». Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. Сан бІаьргаш дукха велхарна лозуш бу. ХІора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву, сан куьйгаш Хьоьга дІакховддийначохь лаьтташ ду. Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
Выбор основного перевода