Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела хьуна хІумма а ца галлал бода тІебеана, цундела хи тІедаларо хьо къайлавоккхуш ву. Сахиллалц хьоьжуш Іийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьІахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхаччалц. Лаьтта тІехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тІехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хІунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бІаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу». И латта цара доха ма дина, хІинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац. ХІунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхІудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дІагІур ву, Аса уьш Сайца дІахьур бу. Цхьаммо а кІелхьарбохур бац уьш. И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кІелхиъна долу цІокъ санна, кечлур ву Со.
Выбор основного перевода