Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна. Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хІаллакьхир ю Іесачеран сатуьйсийла. хино тІулгаш жимдар санна а, хин Іовраша латта дІадахьар санна а, йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а. Са яккхархьама стага шен доттагІий емалбахь, оцу адаман берийн бІаьргаш кхулур ду. ВорхІ кІант винарг ю са ийзош Іуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьІаьржачу а хІоьттина, Іуьллуш ю. МостагІийн таррашка Аса хІаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, – боху Везачу Эло“».
Выбор основного перевода