Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Генахь верг Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тІе Сайн оьгІазалла. Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогІа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цІуш дІа ца бехира, я мисархойн цІушна букъ а ца берзийра. ТІаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тІе охьаІано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгІазалла царна тІе яхийта а. Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тІедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тІе Сайн дералла охьаІано а, цаьрга Сайн оьгІазалла кхачийта а. Цундела Ас Сайн оьгІазалла дІагойтур ю царна, Сайн дераллин цІерца Ас хІаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода