Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерар а, вегавар а тІедеана суна, Іада а вина, воьхна хьийза со. Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. ХІораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тІехь сингаттаман бедарш ю. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.
Выбор основного перевода