Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гІолахь, цигахь кадам а ма белахь, хІунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. «Адаман кІант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гІайгІане лела ца веза, бІаьрхиш дийла ца деза хьан бІаьргех. Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац.
Выбор основного перевода