Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шуна а, шун тІаьхьенна а хала а, инзаре а, дІа ца доьрзу а ун а, луьра а, дІа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тІе тІом а, мацалла а, Іожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дІахІиттор бу. Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Кестта Аса шуна тІе охьаІанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгІазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра. ХІордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гІанташ тІера хьала а гІевттина, шайна тІера хаза тІамарш тІехь йолу обанаш дІа а яьхна, сингаттаман духар тІе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш.
Выбор основного перевода