Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гІалина таІзар дан кечделларш, шайн карахь хІаллакдаран герз долуш а хила». Исраилан халкъе дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цІийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чІагІо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кІентий а, зудабераш а туьро хІаллакбийр бу. Массо а халкъашна дІахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хІунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагІийн кара дІаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тІамехь далийтархьама а. Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».
Выбор основного перевода