Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна тІе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тІекхиссина. РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хІинца, хІара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Цхьа бохам вукху бохамна тІаьхьа богІу. Массо а мохк дамардарц хилла Іуьллуш бу. ЦІеххьана сан четарш хІаллакдина, цуьнан шаршуш бІаьрганегІар тохале йоьхна. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ворхІалгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира. «Адаман кІант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чІагІо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.
Выбор основного перевода