Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара. Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккху. ТІаккха аша детица кхелина болу шайн цІуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дІадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла. Шу дІа ца хІиттина гІалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тІом бечу хенахь гІалин пен латтийтархьама. «Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДІаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагІахь, ткъа иза шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цІушка хьаьжжина хир ду! Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву. Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
Выбор основного перевода