Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІаргІулин а, чІегІардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бІаьргаш гІийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“ Черчий санна, Іоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кІелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду. Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тІамах кІелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дІасабаржийна хир бу. Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гІали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гІуллакхаш а. ТІаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех.
Выбор основного перевода