Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. ТІекхаьчна зама, тІедеана къематде. ХІума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хІума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хІунда аьлча Сан оьгІазвахар массарна а ду. Цундела дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дІадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХІора хІоьттина сурт кхочушхуьлу хан тІекхочу“. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду!
Выбор основного перевода