«ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе.
ТІекхаьчна и де! ТІекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагІ тІекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.