Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. ХІора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хІитта беза. Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. Цигахь а хІора агІонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гІортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тІера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тІекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бІе дол хилира. ТІаккха цо со къилбехьа дІавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гІорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агІор лаьтташ гІорторан пенаш дара, шайна тІехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш. Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тІера дуьйна вукху кевнна тІе кхаччалц йолу меттиг бІе дол яра. Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тІе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира. АгІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара. (Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла – пхи дол.) Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гІорторашна тІехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархІ тІегІа а дара. Цо со чоьхьарчу керта тІе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира. Оцу кевнан агІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агІор пенийн гІортораш яра, ткъа ламин бархІ тІегІа а дара. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара. Оцу кевнан а агІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ дол. Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агІор пенийн гІортораш яра, ткъа ламин бархІ тІегІа а дара. Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гІорторашна уллохула чувогІийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагІина лерина долу хІума дуьлуш йолу меттиг яра. Кевнан ученна чохь шинна а агІор лаьтташ шишша стол яра. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІина лерина долчу а, къиношна тІера леринчу а, иштта гІуда такхаран сагІина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура. Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агІор шишша стол яра. Йиъ стол кевнан арахьарчу агІор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агІор яра. Уьш ерриг а бархІ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу. Дийнаташ дагоран сагІанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тІулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тІехь динан дайша дийнаташ дагоран сагІа а, кхидолу сагІанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гІирс охьабуьллура. Гобаьккхина пенех дІатоьхна куьйггал долу мІерий дара, ткъа стоьлаш тІе сагІа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.
Выбор основного перевода