Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Іахар, шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама а, цуьнца цхьаьна чагІаран сагІина лерина чагІар а. ХІора дийнахь доккхучу сагІина а, цуьнца догІучу чагІаран сагІина а тІетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагІа ду иза». Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама».
Выбор основного перевода