Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгІат карахь а дахьаш ван веза». Эло хІора стараца а, иштта хІора уьстагІца а кІен сагІина цхьацца мазал кІа дан деза. Цо иштта хІора ша деанчу кІен мазалца цхьацца хІин зайтдаьтта а дан деза. Цо старгІица а, уьстагІца а цхьаьна цхьа мазал кІа дала деза кІен сагІина лерина. Іахаршца шен дала таро йолччул кІа а дала деза цо, кхин а хІора кІен мазалца цхьа хІин зайтдаьтта а дала деза. Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хІора стараца а, хІора уьстагІца а цхьацца мазал кІа дан деза, ткъа Іахаршна тІера шен дог реза доллучул кІа дала деза цо. ХІора мазал кІа дахьаш, цуьнца цхьа хІин зайтдаьтта дан а деза.
Выбор основного перевода