Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама». Иштта хІора уьстагІца кІен сагІина цхьацца мазал кІа а дан деза, ткъа хІора Іахарца кхин а шен дан йиш йолччул кІа а дан деза, цу тІе хІора мазал кІеца цхьа хІин зайтдаьтта а дан деза. Цо старгІица а, уьстагІца а цхьаьна цхьа мазал кІа дала деза кІен сагІина лерина. Іахаршца шен дала таро йолччул кІа а дала деза цо, кхин а хІора кІен мазалца цхьа хІин зайтдаьтта а дала деза.
Выбор основного перевода