Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дІадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дІакъевлина дара. Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тІехь сакхт доцу старгІа схьаэца, Делан цІийнан керт цІанъярхьама. Динан дас оцу къиношна тІерачу сагІанах схьадаьлла цІий схьа а эцна, иза Делан цІийнан неІсагІанашна а, иштта сагІа доккхучу кхерчан лакхарчу хІазаран еа маьІигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неІсагІина а тІетоха деза.
Выбор основного перевода