Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гІорторашна уллохула чувогІийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагІина лерина долу хІума дуьлуш йолу меттиг яра. Кевнан ученна чохь шинна а агІор лаьтташ шишша стол яра. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІина лерина долчу а, къиношна тІера леринчу а, иштта гІуда такхаран сагІина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура. Везачу Эло соьга элира: «ХІара ков дІакъевлина хир ду, иза дІадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хІунда аьлча хІокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана. Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогІур ву, цигахула ара а вер ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гІело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тІера арадаккха ма гІерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Динан дас оцу къиношна тІерачу сагІанах схьадаьлла цІий схьа а эцна, иза Делан цІийнан неІсагІанашна а, иштта сагІа доккхучу кхерчан лакхарчу хІазаран еа маьІигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неІсагІина а тІетоха деза. Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цІарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цІарах а къинан сагІина лерина. Ша кхуза вогІучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза. Элана шен лаамца Везачу Элана сагІа даккхийта лиъча, – дийнаташ дагоран я бертан сагІа иза делахь а, – цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТІаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагІа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тІаьхьа цунна тІаьхьа ков дІакъовлур ду.
Выбор основного перевода