Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагІа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гІоьнча, шен кхо маІа йолу мІара а бахьаш схьа а вогІий, Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цІенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Левихой Сан цІийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гІуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагІанашна а, кхидолчу сагІанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гІо а дийр ду, царна гІуллакх а дийр ду. Амма шайн цІушна хьалха адамашна гІуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чІагІо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду аьлла. Динан дай санна Суна гІуллакх дан уьш Суна улло богІур бац, иштта тІекхевдар бац еза мел йолчу хІуманашна – уггар дезачу сагІанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хІума бахьана долуш юьхьІаьржачу хІиттина лелар бу уьш. Ас уьш хІиттор бу Делан цІа лардан а, цІийнан керташкахь дан дезаш мел долу хІума дан а. Цо соьга элира: «Кхузахь динан дайша гІуда такхаран а, къинан а сагІанашна деанарг кхехкор ду, иштта кІен сагІина деанарг а доттур ду, цаьрга арахьарчу керта иза ца даккхийтархьама а, иштта халкъ даздина ца хилийтархьама а».
Выбор основного перевода