Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІус, вист а хуьлуш, элира: «ХІинца аша шаьш Везачу Элана лерина дІакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цІа долчу бертан а, баркаллин а сагІанаш даладе». ТІаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагІанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хІораммо а дагоран сагІанаш даха дийнаташ даладора. Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогІур ву, цигахула ара а вер ву». Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цІинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанашна хІуманаш а, даьхни а дІадала. Цо даьхни а, хІуманаш а лур ю къинойх долчу а, кІен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанашна, Исраилан халкъана тІера къинош дІадахийтархьама». Эла, арахьарчу кертахула чухуларчу кевнан ученна чу а веана, оцу кевнан неІарна улло дІахІуттур ву, ткъа динан дайша элан дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дохур ду. Эла, кевнан неІ йолчохь Везачу Элана охьа а таьІна, аравер ву, ткъа ков сарралц схьадиллина хила деза.
Выбор основного перевода