Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тІаьхьалонах дерг хьуна дІадаларх!» ТІаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гІаттий, хьайн яа хІума а яа, синна паргІат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израІалхочун Набутин кемсийн беш». Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. Аш гІийланаш чІагІ ца бора, цомгуш болчу уьстагІна дарба а ца дора, церан чевнаш дІа а ца йоьхкура. Жена юкъара дІакъаьстина уьстагІий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тІехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора. Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Аша массо а гІийлачу уьстагІна шайн агІонаш а, маІаш а етта, уьш шайна юкъара дІалахкархьама. И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гІело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гІело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тІера арадаккха ма гІерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Іохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Іуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху.
Выбор основного перевода