Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Нагахь хьан кІен сагІа кхийрачу пхьегІи тІехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. Нагахь хьан кІен сагІа ялгІу тІехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кІен демах дина хила деза. Хьехамаша тІедиллина ма-хиллара, Пасахьан Іахар цІартІехь беттира. Ткъа даздина долу сагІина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дІадийкъира. Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тІера Далла гІуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хІунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тІе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тІаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан». Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гІуллакх дечу хенахь шайна тІехь хуьлуш йолу бедарш дІа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тІаьхьа цара шайна тІе кхин хІума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тІе йозалла ца йоссийта.
Выбор основного перевода