Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирІун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Іуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХІара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›. ТІаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гІо лехча, хьо, эрз санна, ледара гІортор ма яра. Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тІе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тІе кхаччалц а. Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дІахІоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гІаланаш йохийначу гІаланашна юкъахь хир ю. Аса дІасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дІасакхуьссур а бу’.
Выбор основного перевода