Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелан йоІ, хІаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг! Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гІалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гІудалкхашца а, дошлошца а схьавогІур ву. Набухди-Нецара хІордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хІаллакбийр бу. Цо, гІала схьаяккхархьама, тІеман гІирс а дІахІоттор бу, гІалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца.
Выбор основного перевода