Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“». Нагахь санна Ас, цу лаьтта тІе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тІехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хІаллак а дойтуш, ХІунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур хьуна дуьхьал доккхур ду. Цуьнан эскархойн таррашца Ас хьоьца болу нах хІаллакбойтур бу. И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу, цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю, цуьнан мел долу халкъ хІаллак а дийр ду. Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хІаллакдийр ду, адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.
Выбор основного перевода