Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь Даудан цІа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дІахІоттор бу. Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кІелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТІаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дІа а хІуттур ву хьо. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». ТІаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гІо лехча, хьо, эрз санна, ледара гІортор ма яра. Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тІе Везачу Элан куьг хІоьттира. Іуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дІайиллира. Иштта, сан бага дІайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира. Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.
Выбор основного перевода