Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа и хІума деш гуш болчу яхІудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гІант кхузахь Айса дІадоьхкина долчу тІулгаш тІехь дІахІоттор ду. Цу тІулгаш тІехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дІахІоттор ду. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Набухди-Нецара Ана-гІалахь долчу харцделанашна хІиттийна тІулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цІенош цІарца дагор ду’“». Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хІаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тІе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Іадийна хир ду. Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре Мисар-мехкан тобанаш хІаллакйойтур ю. ХІунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур хьуна дуьхьал доккхур ду. Цуьнан эскархойн таррашца Ас хьоьца болу нах хІаллакбойтур бу. И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу, цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю, цуьнан мел долу халкъ хІаллак а дийр ду.
Выбор основного перевода