Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. берриге а яхІудхой юьхьІаьржачу хІуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гІо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьІаьржо а хир ю». Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира. ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІу-пайхамаре: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хІокху гІалина дуьхьал кхин цкъа а тІом беш дІахІуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цІергахь ягор ю цара“. Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Іеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дІагІур бу бохуш, хІунда аьлча уьш дІагІур бац. Аша шайна дуьхьал тІом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хІаллакдахь а, царах чевнаш хилла тІемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гІевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хІара гІала цІарца ягор яра“». ПирІунан эскар схьагІортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дІадаьллачул тІаьхьа, Мисар-махкарчу паччахье яхІудхойн паччахьна тІамехь гІо далур дац, гІалина гонах лаьттан гунаш дича а, тІеман гІирс дІахІоттийча а, дуккха а адам хІаллакдархьама.
Выбор основного перевода