Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гІалахь канаІанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чІагІо а йийр ю. Цхьана гІаланах «Маьлхан гІала» эр ду. Везачу Эло мисархошна таІзар дийр ду. ТаІзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тІебоьрзур бу. Церан доІанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо. Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богІур бу, мисархой Ашур-махка гІур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Іамал еш хир бу. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло. Баланийн хІордахула чекхбевр бу уьш, цара хІордан тулгІенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кІоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дІабер бу.
Выбор основного перевода