Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хІаллакдийр ду, адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.
Выбор основного перевода