Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тІера гІаьгІнаш схьадахийта а, хьалха неІарш схьаеллаялийта а, кевнаш дІа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло: «Со хьуна хьалхаваьлла дІагІур ву, лаьмнаш дІа а шардеш. ЦІестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гІораш отур ду. Боданехь Іалашъеш йолу хазна а, хьелаш дІахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дІалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цІарца хьо Соьга кхайкхина волу. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу.
Выбор основного перевода