Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду». уьш байа гІерташ болчу церан мостагІашка Аса дІалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дІахІуьттур ду. Ас хьо лаьтта тІе охьатосур а бу, ткъа аренгахь хьо дІа а тосур бу. ТІаккха хьуна тІе стигалара дерриге а олхазарш а хуьйшур ду, ерриге а лаьттара акхарой а хир ю шаьш юззалц хьо бууш. Ас хьан жижиг лаьмнашкахула дІасакхуьссур ду, тогІеш хьан докъах хьалаюзур ю. Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тІе кхаччалц, цІийх хьалаюзур ю, цу цІийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду. Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дІалур ву.
Выбор основного перевода