Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тІе а летта, иза схьа а лаьцна, цІастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гІала дІавигархьама. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ «Адаман кІант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга.
Выбор основного перевода