Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. Халкъашна цунах лаьцна хезира, тІаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чІагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дІайигира.
Выбор основного перевода