Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. – Адамаша и таьллангаш цІера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тІера дика яьгча, га юккъера Іаржделча, цхьана хІуманна пайденна юй те иза? Ша дІайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дІайийначохь иза якъалур ма ю!’“» Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас. Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогІур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
Выбор основного перевода