Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхІу-Ахьазан ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхІун йоІ яра. ЯхІу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Іемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура. ЛадогІа Іуйн белхарийн аьзнашка – церан сийлахь дежийлаш дІа ма евлла! ЛадогІа къоначу лоьмийн гІигІ даре – Йордан-хин боьлак хІаллак ма йина!
Выбор основного перевода