Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Цо яьккхина гІовгІа лоьман санна ю, цо до гІигІ къоначу лоьмийн Іахарх тера ду. МостагІчо, гІигІ а деш, бовда гІерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац. Мичахь бу хІинца лоьмийн бен а, лоьмийн кІорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кІорнеш а лелла йолу? КІорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш. Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гІигІ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьІахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу. ЛадогІа Іуйн белхарийн аьзнашка – церан сийлахь дежийлаш дІа ма евлла! ЛадогІа къоначу лоьмийн гІигІ даре – Йордан-хин боьлак хІаллак ма йина!
Выбор основного перевода